Зиэ делла доттаг1алла

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

ЗИЭ ДЕЛЛА ДОТТАГ1АЛЛА

Ткъа шо сов зама йу  вай вовше  девзаш.
Дика-вон дерзадеш вай цхьана ду.
Уьйра вай чаг1йелла, гергарло дезаш,
Вовшеха даккхийдеш вай лелаш ду.

Даггара олу дош, вовшен, ду  довха,
Диканца сов довла, вайн аьтту бу,
Деэшна висча цхьаъ, дог хьостуш ховха,
Орцанца т1екхача вай кийча ду.

Даггара  лелаш а, дезаш ца хилча,
Ткъа шарахь гергарло лелалур дац,
Вовшашца сий, пусар, ларам ца хилча,
Марзонца барт, ч1аг1о латталур йац.

Дуьненчу йаьлла де даггара лоруш,
Комаьрша хьан шуьне гулделла тхо.
-"Хуьлийла х1ора шо  ирсаца дог1уш!"-
Аларца, х1орамма декъал йо хьо.

Йахалахь дахаро дуьненах 1абош,
Мекханах лар а деш экаме дог,
Тешаме нехан гуо цкъа а ца хадош,
Беркате новкъа хьайн биллалахь ког.

Кхин д1а а йаккха хьайн исбехьа зама,
Дуккха а шерашца йехийла хьо,
Хаалахь эшначохь даимма санна,
Хьалхарчу мог1арехь, лаьттар ду тхо!

15. 02. 23ш.