Нохчийчоь сан деган 1ийжам

Раиса Абубакарова
Раиса  Абубакарова-/Джабраилова./

НОХЧИЙЧОЬ - САН ДЕГАН 1ИЙЖАМ

Нохчийчоь - турпалхой ахь хийла кхиийна,
Сий лардеш, цара хьо даимма ларйина,
Хийлаза мостаг1ий - хьо йожо г1иртина,
Амма хьо къарйелла гуора ца х1оьттина!

Нохчийчоь - хьан лаьмнаш къежделла лаьттина,
Халонаш 1овшарна шабина г1орийна,
Хийлаза шовданаш, хи лаккъалц  дилхина,
Шера хьан аренаш - молханах лилхина!

Нохчийчоь - доьналлех  цкъа а хьо ца йоьхна,
Турпала къонахий лай хилла ца эгна,
Йижарийн сий лардан, Ненан дош айдина,
Вайн дайша 1амийна г1иллакхаш лелийна!

Нохчийчоь - йамартло хьан сица ца хилла,
Тешнабехк бина ахь мостаг1 ца вожийна,
Къонахчун дош лелла,  шен дошах жоп делла,
Къонахчо деллачу дошах нах ларбелла!

Нохчийчоь - мостаг1чо, мосазза  йагий хьо?!
Хийлаза к1иллошка тешнабехк  байтина!
Маршонах ца йала   къовсаме йаьлла хьо,
Хьайн мехкан сий дина, Нохчийн ц1е  ларйина....

02. 11. 21./ 14. 02. 23ш.