Хийцамаш

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

ХИЙЦАМАШ

Заманца деригге хийцалуш го,
Т1ебог1у доттаг1ий хийцалуш,
Ойланаш , амалш а хьан  хийцало,
Хиллачу  хийцамах ийзалуш.

1алам а замано хуьйцуш ду вайн,
Шелонца йовхо йу хийцалуш,
Дахаран некъаш ду хийцалуш дайн,
Ца лов и, б1аьрахиш 1ийдалуш.

Ненаца х1уттуш ду дахаран т1ай,
Даккхийдеш  деха вай и мел йу,
Кхолламо  йуккъера хадийча "тай",
Дахаран марзонех хиэдаш  ду!

Оьздачу Ненан куц вай диц ца до ,
Цуо бинчу кхачан чам биц ца луш,
Ховхачу дагчохь и вай лела йо,
И мел йу, ирсан дай хеталуш!

01. 11. 21ш. / 15. 02. 23ш.