Безамо вага во со

Раиса Абубакарова
БЕЗАМО ВАГА ВО СО

Сан дагчу йиллина чилла,
Шелдина маьлхан дуьне,
Безамах алу-чим хилла,
Беги-те седа нуьре.

Суьйре, цхьа самукъне хилла,
Хьо ца гуш бодане йу,
Безамна теш х1уьттуш 1ийна
Шовдано йерзайац хьу.

-"Х1ун ду-те  хьо йолчохь?" - дийца,
-"Безамо леци-те хьо?
Хиъна-те цхьанна мотт бийца,
Генара, вицвойтуш, со."

Хьан б1аьргех тарлой ши седа,
Б1аьрг бетташ вехха со 1а,
Хеталой царах хиш леда,
Сагатлой, вижац со д1а.

Лайн чимаш шелйина 1уьйре,
Тешалахь, йохлур йу цкъа,
Б1аьстено хазйина аре,
Зезагех йузур йу д1а.

Ткъа х1инца йоьрзуш хьан суьрте
Ойлано, вага во со,
Йуха а шовданан коьрте
Хьо, йеъча санна, сурт го.

Кхочур ву хьо йолчу йуьрта,
Безамца лоьхур йу хьо,
Йуьгур йу вехачу керта,
Хьо сайца хилар - ирс го.

14. 01. 23ш.