Ларйелахь нана

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова- / Джабраилова./

ЛАРЙЕЛАХЬ НАНА

Сингаттам-ойланаш балане йохуш,
Саб1арздай ма лела чотт йохош хьайн,
-"Хьайн бала байбен верг, Дела ву !"- олуш,
Цунна т1е товжалахь х1ай Делан лай !

-"Х1ун дер-те? " - бохуш хьо, ма лела кхоьруш,
Деригге гуш вериг Аллах1 цхьаъ ву !
-" Йа Аллах1 терго йе!.."- вайн Деле доьхуш,
Орцанна  х1уьтту йерш 1амалаш йу!

Эрна хан ца йоккхуш, алссам къахьега,
Зикар мел боккхуш хьайн, закат д1а ло,
-"1амал-йал к1езга йу хьайн, " - аьлла хетахь,
Вайн Далла хьасталуш вахалахь хьо !

Дог доьхнехь дог ойъуш тоьлла дош ала,
Мацвелла лелаш верг  ахь вузаве,
Ницкъ эшнехь, г1о деш хьо, орцаха вала,
Терза даздендолу  1амалаш йе.

Эхь-бехк а, 1адаташ ларалахь нехан,
Ларлохьа нийсачу некъах тилар.
Сий ойъу билгало,  Нохчашкахь лела,
Бохамна, орцане кхочуш хилар.

Лелийча дика ду, дог хьостуш неха,
Гергарло т1еч1аг1деш, морзо йитар,
Халонех ларвеш ду, до1анаш нена,
Йалсмане хетало Нана хилар!..

21 . 06 . 21 ш /  15. О1. 23ш.