Ц1ена дегнаш

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова - / Джабраилова./

Ц1ЕНА ДЕГНАШ

Дешел а ц1ена ду адамийн дегнаш,
Шайн сина мах хууш хилийша х1ай!
Кхетийша, дуккха бу вовшеха хьегнарш,
Къастаро шайх бинарш дуьненан лай.

Тешам луш, безамца, довха дош олий,
Оьг1азло йосту аш, цуьнан мел  гуш,
Дуьненах дог диллал дакъаза довлий,
Ма лела ницкъ хилча вайн Дала луш.

Дехар ду, ма вита дог доьхнарг цхьалха,
Тидаме биллийша безаман ницкъ,
Йиш йоьхна хьаьвзича, цхьаллехь цхьаъ аьрха,
Гайтийша, вайн Делехь дуй  цуьнан рицкъ.

Цхьаъ хила хьовсийша, йоьхначу хенахь,
Вовшашца йекъийша марзонаш аш,
Халонаш йовр йу шун набарца, г1енах,
Хьекъарца дахарехь беркатан кхаш.

21. 12. 22ш.