Сий айъина ц1азап1елг

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова - /Джабраилова./

СИЙ  АЙЪИНА Ц1АЗАП1ЕЛГ

Хилларг а, лаьлларг а, тидаме оьцуш,
Дийцарх схьаиэцийта масала дуьтуш,
Йаздинчух кхетийта, говза дош лоьхуш,
Йаздина дийцар ас, довзийта лууш.

Имама Шемилан наибех лаьцна,
Лаьллачу  ларамах кийсаг схьаиэцна,
Ца дойтуш 1адаташ, иштта, г1илкх лаьцна
Ган лиъна таьхьено масала иэцна.

Шемилан на­ибех ала ду дог1уш,
Хьуьнарца, муьлххачу т1амах чекхбовлуш,
Дег1истан Хунзахар - Ахьбердин Махьма,
Ботакха - Шуьйтара­, царах ду дийцар.

Хьошалг1а веъначохь, Ботакха волчу,
Махьмин б1аьрг сецнера,  малх санна болчу
Мехкаршлахь, уггаре куц тайна долчу,
Цхьана йо1ах, шовданехь, хи оьцуш йолчу.

Куц хаза хиларо - б1а­ьргийн нур даьхьна,
Баханчу безамо - синтем д1абаьхьна,
Цу йоь1ан г1иллакхо дог-ойла йаьхьна,
Ботакхе аьлла цо, собарах воьхна.

-" Йахь йолу Шуьйтахо, хьомсара доттаг1,
Дехар ду, безаман г1улкх  цхьалха даккха.
Захало дийцарехь йах­ар-йар дацахь,
И йоьду, хаза йо1, соьха ма йаккха!"

Йо1ах ша б1аьрг туху­ш, г1илкх;ах ца вухуш,
Шеконе волуьйту йа­ дош ца олуш,
Шен дикчу доттаг1чун захало  дуьйцуш,
Цо, Махьма ирсе во, йо1 дола йоккхуш.

Ловзаран барам ша берзийна ваьлча,
Доттаг1чун  декхар а дирзина даьлча,
Тоьллачу пайтонах расха дин боьжна,
Дег1астан дозане, уьш новкъабаьхна.

Доттаг1ий севцира, дозанал дехьа,
Хьошалг1а кхайкхира йуха а, сехьа,
Саламца куьг делла, дуьненан меха
Ши дотта­г1, къаьстира, мар-мара кхаьтта.

Пайтонахь йалочу йе­заре хьоьжуш,
Тешаме доттаг1чун, хадо мах лоьхуш,
Махьмина тардели б1аьрахи дужуш,
Хаттар ди,; къонах­чо, кхин шеко йоцуш!..

-"Дех-ненах йаларна, сингаттам-бала,
Ахь х1унда т1еуьйз­у, йо1, соьга ала?!
Кхоьру-те,; ; дех-­ненах йаьллачохь ген­а,
Йитарна, хьо тесна, гергарчех хьега?!"

- Б1аьрхи ша гайтарна, цунах бехк лаьцна,
Ботакхна делла дош лардан т1елаьцна,
Хиллачу буохамна ша бехке хетта,
Йилхи йо1, хиш совц­о, кхин ницкъ ца кха­ьчна.

Б1аьрахи дожош шен, ц1азап1елг тесна,
Йо1анна т1едожош, бохам шен бийцар,
-" Йина мохк, йиш-в­аша дисарна генахь,
Ду-те хьан доьлху дог? Бала хьайн бийца­!"

Йиттане ца йитча къайленехь ойла,
Цу йо1а бийцира син­гаттам-бала,
Декхар дуй хаарна, къайле шен йаста,
Аларца : - " Цатам бахь, къинт1ера вал­а!"

Ботакха вара шен, бераллехь дуьйна,
Ойланца; хаьржинар­г, кхолламна; ваьхнарг,
Йоккхайеш, лелара, йуьгур йу аьлча,
Шен йезар йити цо, баркалла аьлла.

Бицбина шовданехь ба­лхийна безам,
Гуьйренца д1айига, ша бина кечам,
Хьан сийдеш, дотт­аг1чо, би тахна хийца­м,
Т1аьххьара дош даьхна и хьоь ца дийца!

-"Бехке ву!  Безамо со б1аьрзе вина.
Шуьшинна  дог-ойла  суна ца гина!
Бакъо йа­ц, хьарамло йина хьо йига,
Доттаг1чуьн лараман терго ца йина!"

- Шаьлта схьайаьккхина, хиллачух кхетча,
Шен п1елг д1абаьккхи цо, цу йо1ах кхетт­а,
Хьараман меженах, дег1 парг1атдаьлча,
Кечдинчу нускалца, вирзи и Шуьйта.

Йуьртахой кхайкхи цо, доттаг1чун керта,
Той х1оттош, ворх1 дийнахь, ворх1 буьйса лаьцна,
Доссийна ша волча, нускал схьаделла,
Доттаг1чун совг1атн­а,; шен п1елг; д1абелла!

Ботакхан и ларам - махкана бевзи,
Дег1истар  къонахий йуьхьк1айчу хитти,
Ахьберди Махьма, шен п1елгаха вели,
Хьарамло, ша ца йар, меже  теш  хотти!

Ишттачу тешаме нахах схьадевлла,
Къаьмнаш ду, барт болуш, вайн махкахь дехаш,
Мел дукха ду царах, дика,; схьаэца,
Дехар ду,; аш вов­шийн,; сий-пусур де­лаш!..

26. 03. 21ш. / 06. 10. 22ш