Хаза буьйса

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова - / Джабраилова. /

ХАЗА БУЬЙСА

1аьржа буьйса, даржош дарий,
Ког байбина йог1уш йу,
Батто къагош сирла аре,
Шен дато нур 1енош ду.

Седарчий ду стиглахь ловзуш,
Цхьацца седа бодий бов.
Кийрара сан бала 1о­вшуш,
Хьоьжуш цаьрга, йоь­рзу чов.

Дерриг дуьне сайн ма хета,
Суо цхьаъ йисча тий­наллехь.
Тоьшалла деш 1алам хета,
Мелчу мохан шур-шур­ехь.

1аьржа буьйса, буьйса хаза,
Ма товш ду хьан бет­таса,
Сан сингаттаман и заза,
Ницкъ кхечи хьан да­ьлла схьа.

07. 02. 22ш. / 08. 11. 22ш.