Даймахке сатийсар

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова - / Джабраилова./

ДАЙМАХКЕ  САТИЙСАР

Де -дийне мел долу, йахйелча хан,
Замано д1аоьцуш дуьненан чам,
Шен  махка вирзина, го цунна г1ан,
Геналлехь сатуьйсуш  Даймахка ван.

Сагатлуш: - " Хезий-те, нохчочуьн аз?"
Ладоьг1уш, гонаха, йоккху цо хан,
Даймахках къастарна велла и б1арз,
Лаам бу ц1аверза, Нохчийчоь ган.

Дагчуьра ца болу хьомсара мохк,
Вовшашка, г1иллакхе бийцина мотт,
Го и, мел б1аьргашна йилларха дохк,
Схьакхочу лере и, х1оттарха потт...

Бераллехь дуьйна ша ларйина йахь,
Кхиийна, ца вухуш, шен Нохчаллех,
Кхин дагчу ца тарлуш къастаран къахь,
Лаьтта и, йиш йоьхна д1о паналлехь...

07.10. 22ш.