Сихйелла йоьду хан

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова - / Джабраилова. /

СИХЙЕЛЛА ЙОЬДУ ХАН

1уьйренаш суьйренех хуьйцуш
Сихйелла йоьду хьо хан,
Вовшашкахь долу хьал дуьйцуш
Йоьду хьо, йуха ца йан.

Аьхкенан йовхо д1айели,
Т1ейеа г1а дужу хан.
Ладоьг1уш зама д1айели,
Гуьйренах терра ду хьал.

Могшалла хеттар бен  доцуш,
Дахар, хьо-м, тхох дуьсуш ду,
Зама, хьайн болар ца хуьйцуш,
Тхан денош хьо-м сих деш йу.

Къа доцуш цхьа хирвац  лаьлла,
Къиношна тхо къера ду,
Къинхетам Делан сов баьлла
Гечдаре сатуьйсуш ду.

Йа Робби! гечдехьа тхуна,
Геч дан ницкъ  болуш ву Хьо,
Хьоь доьхуш лаьтташ ду хьуна,
Гор эгна ламаз т1ехь тхо!

Д1аиэцахь лазар, ун, бала!
Дахахьа кхелаха Хьайн!
Дитахьа самукъа дала,
Ма дахахь марзонех тхайн!

Сийлахьа йа Везан Дела,
Хьоь кхойкху, хьан миска лай,
Комаьрша ву Хьо тхан Дела,
Дехьа тхох тхайн рицкъан дай.

Г1а-бецан дуьхьа а доьху,
Дуьненан бала бе бай!
Ох1ланна йуккъехь барт боьху,
Цатемаш бицбина тхайн.

31. 08. 21 ш. / 05.08.22ш.