Нашхара марзонаш латтийна йай

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабралова./

НАШХАРА МАРЗОНАШ ЛАТТИЙНА ЙАЙ

Ламанийн баххьашца некадеш хьийзаш,
К1айн мархаш т1емашца хеда а йеш,
Хьийза сан ойланаш х1аваэ кхийдаш,
Генарчу заманца  ирс карадеш.

Лоьху вайн дедайша дехкина некъаш,
Хьалхарчех баьхкинарш, йиллина йурт,
Де-дийне мел дели хийцалуш хьелаш,
Йаханчу хенаца  йиттинарш  йорт.

Генара го суна, лам - " Кхеташ Корта",
Хаьштиг а латийна, хазчу буса,
Мехка-Кхел, го суна  кхеташойн тоба,
Гуламан векал го Тини  Вуьса.

Аьрзуно бен санна, лардеш ду 1адат,
Гуламна боккхуш го - марзонан йай,
Халкъан барт латтабар ду церан совг1ат,
Барт латто гул а бой тайпанийн дай.

Нашхас шен доьзалехь латтийна барт го,
Йалх к1ента ц1арах бу бина цо йай,
Т1аьхьено вовшашца х1оттийна г1илкх го,
Г1иллакхах ца буху йай болу дай.

Ларам беш, кхаъ рожехь и йуккъе буьллий,
Шайн ц1арах оьцуш ду х1орамма ирс,
1адат а оьцу т1е, кхеле а дуьллий,
Тептарт1ехь мух1ар ду, тешаман г1ирс.

Йалх вашас шайн ц1арца йарташ йу йаржош,
Доладан, дозанца х1иттийна хой,
Йаьккхина Нохчийчоь, турпал къам даржош,
Орамаш ч1аг1до шайн, сий-ларам бой.

Имама Шемилан  хене йай кхочу,
Междигехь латтош бу 1иданна йай,
"Хьан ч1аг1о хир ма йац",- питанчас олу
Барт латтош йай гонах мел лаьтта дай.

Эскарна йай баккха, безара аьлла,
Х1илланца йуург йан боьхий и хьо,
Шершина, 1инах чу баха и аьлла,
Барт бохо, доь доцуш, бойъу и цо.

Собар сов хиларна харцо ца тулу,
Тешнабехк, биначух боьдуш бу шех,
Харцонаш лелош верг йуьхь1аьржа х1утту,
Цкъа мацца кхета и харцо шен дех.

Имама Шемилан харцо ца туьйли,
Йай бахьнехь ца 1ени Нохчийчохь ц1ий.
Барт эг1о, питанчийн,  аьтту ца бели,
Йалх  вешийн доьзало ларди шайн сий.

Дависа, карийна, лаьцнехь а мекха,
Марзонаш латтийна Нашхара йай,
Ц1ераш т1ехь йазйина ц1еста йалх экъа,
Шуьца д1ах1иттабан йахь йолу дай!

09. 05. 22ш. / 14. 02. 23ш.