Ца везна дешархо

Раиса Абубакарова
Гочйинарг - Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

ЦА ВЕЗНА ДЕШАРХО

Керла класс т1еэцна, гергарло х1уттуш,
Массаьрга цхьатерра маршалла хоттуш,
Чуйеъна хьехархо, х1ора бер хьостуш,
Шех марзо йуьту цо, церан дог достуш.

Эли цо, - " Шу довзар  мехала хета,
Шу мел дерш цхьаъ санна цхьатерра деза,
Къестош шух г1олен верг, ца йоллу лела..."
Амма цхьа дешархо дагчохь - "ЦА ВЕЗА !"

Т1ехь долу духар ду хьирчина, боьха,
Хетарехь луьйчуш вац, вон хьожа кхета,
Доьшуш вац, йаздеш вац, тетрад ду этт1а
Берашца марзо йац, ша цхьаъ д1аг1ерта.

Йалхолг1а классехь бу дешархой доьшуш,
Схьагарехь, и к1ант вац цхьанне а оьшуш,
Цхьа а вац к1антана кхайкхича вог1уш,
Цханне а бала бац, к1ант доьшуш воцуш...

Хьехархойх к1антана цхьа а вац везаш,
Доски т1е кхайкхар ша, цунна дац дезаш,
"Ц1еран болх"- хаьттича схьагойтуш болх бац,
Йоьдучу урокан йа ойла йеш вац.

Шо зама гергга ду царна цуо хьоьхуш,
И цхьаъ ву, ца хилча-ъ цхьаммо ца лоьхуш,
Журнал т1е шиъ дуьллий х1уьттаре йора,
Да-нана даладан ц1а хьажавора.

Шо дерзош дийзира таьптараш кего,
Х1оранна амалах  йазйан шен терго,
Массеран амал ша йазйина йаьлча,
Ца хаьа, х1ун хирду, ша  нийса аьлча...

Телли цо йаздинарг цу к1антах хьалха,
Эхь хаьтта, ч1аг1о йеш, кхин ца йан балха,
Леринна доьшу цо, б1аьргех хи даьлла,
Лаьцначу гамонна ша дохкойаьлла.

Школе и веъна шо тептар т1ехь дуьйцу:-
Цу к1ентан ден, ненан йукъ-меттиг йуьйцу,
Дог ц1ена бер хилар, массо а везаш,
Дешархой бу цуьнца  гергарло дезаш.

Шолг1а шо дуьйцура: - "Кхиъмашца  къаьста,
Кхетам бу к1орггера,"- бохуш, во хаьста.
"Да-нана терго йеш сих-сиха дог1у,
Барт ч1ог1а бу церан  х1усамехь."- боху.

Кхоалг1а дуьйцу шо: -" Дешарх и кхета,
Массарел дика к1ант шен классехь хета,
Т1аьхь-когахь тоьлла ду, и школе вог1уш,
Ца лела:-" ц1еран болх ца бина ,"- бохуш.

Йоьалг1а классера таллам цо боьшу :
- К1антана, дахарехь вайн терго оьшу!
Бертахьчу доьзална сингаттам баьлла,
Ца йоьрзу, вуо цамгар, нанна йу!"- аьлла.

Пхиолг1а шо дуьйцу, цу к1антах лаьцна:-
Нана йу к1ел йуьсуш де-буьйса лаьцна,
Дешарна йухваьлла, нанна т1ехьийзаш,
Ткъа, да ву г1о доцуш, б1арзвелла хьийзаш...

Кхийти и. Цу к1антехь х1у бала хилла.
Кхелхинчу ненан и тергонах ваьлла.
Дегара г1о доцуш, да ваьлла лелаш,
К1ант хилла эшамна, г1о-орца дезаш.

10. 02. 2023ш.