Аллах1а бийца мотт белла

Аза Атагинская
Аллах1а дег1ана мерза са делла.
Къаьмнашна лело дин, бийца мотт белла.
Цхьа а къам ма диса шен мотт бицбелла!
Шен махках, шен маттах ваьлларг ву велла.

Доьзалехь дех диснарг безамца лардо -
Суьлхьанаш, тур, мух1ар, куй, шира шаьлта.
Буолатал  ч1аг1аниг, йиш йоцуш хадо,
З1е йитна дендайша, ирс оьцуш, латто.

Нохчийн къам, нохчийн мотт вовшашца дазар
Коьчал йу, мохк ларбан, тахналлалц баха.
Муьлхха мотт безнехь а, мел генахь вахарх,
Шен меттан дош багахь хуьлу садалар.

Азман Джабраилова