Джамбеков Ша1ранина лерина..

Роза Дахаева
Джамбеков Ша1ранина лерина...
02.06.2021

Дависа, хьо, дахар!
Ахьа хоьттуш ца туху ка,
Лаьар кха, хьо ваха,
1илманца дагадеш са!

Ц1аьххьана, д1ахаьдда
Махкана пайдехьа уьйр,
Дегнашна кхаъ 1еткъа,
1ожало сихди шен буьйр!

Д1авоьду, бухдуьту
Ойланех дуьззина тептар,
Замано лар юьту
Иэсалле дехардеш тар.

Къонаха д1аваха-
Тешалла дан юьтуш  лар!

Роза Дахаева