Йахь д1а ма лолахь

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

ЙАХЬ Д1А МА ЛОЛАХЬ

Вайн оьзда 1адаташ кегийна дайча,
Сисаздеш, Дай г1иллакх даго ца лайча,
Мостаг1чун низамца, вайн иэшам байча,
Т1аьхьлонна ойла йеш, бала совбаьлча,
Йуьстах ма латталахь, ахь, орца даккха,
Ловзарга, т1егулбеш, ахь, хьалхе йаккха,
Вайн иэшам т1екхуьъчу т1аьхьенна гайта,
Т1ом боцуш, лай хилла къам да ма дайта!

Нахана ца гайта хьайн деган иэшам,
Ахь къайлабаккхалахь х1оьттина кхерам.
Сингаттам совбаьлча, йахь д1а ма лолахь!
Дера чов ца гайта, хелхар гуо хьолахь!
Лазар хьайн ч1аг1делча - доггах бохь буог1а!
Гор воьжча, ца вухуш, ахь т1араш тоха!
Букъан сурт ца саттош, хьо ваха г1орта,
-"Хало йу,"- ца олуш,-"йазйинарг ворта!"

Хьайх вела г1оьртинарг,- цец ахьа ваккха,
Уггаре оьзда йо1, ахь, хелха йаккха,   
Мостаг1на, цкъа а хьайх луур ма даккха,
Хелхаран шовкъаца, ахь толам баккха!

20. 09. 21ш./ 03. 02. 23ш.