Хаза г1енаш

Аза Атагинская
Мерза наб йеш цициг 1уьллу,
Т1ом беш ду и г1енах.
Моьттуш гонах дахка уьду,
Мекхаш хьедо меттах.

Ша баарна кхерабелла,
Бедда боьду дахка.
И дуй хууш буьрса экха,
Гарранехь бо бега.

Ши б1аьрг билли, г1ан чехдели.
Букъ саттош, дег1 уозий.
Хьалаг1атта карх ца дели,
Юха а наб озий.

Кхин г1ан дуьхьал цунна тосу,
Тхов т1ехь 1аш ша тийна.
Хьоза талла тебна пису
Лууш каде хила…

Эццахь цициг самадели.
Хаза г1енаш дайра.
Бага г1атош, уозаделла,
Шура йаа дахна.

Азман Джабраилова