64. 1аьнан ловзарш

Аза Атагинская
Урамехь шера ша хьаькхна.
Ца соцуш, оьгуш го ло.
Кху 1аьнан ловзарех хьаьгна
Бераш чу ца дерзало.

Б1ог1ам т1ехь чиркх богу сирла,
Цуо къагий лайн чимийн х1ур.
К1орда ца деш йоьхье дийла,
Серлонгахь го берийн сур.

Доцуш ган доккха цхьа бахьна,
Самукъа даьлла го шайх.
Йаххьаш йу ц1ен басе йахна,
Бедарш а йуьзна йу лайх.

Бералле ойла сан хьаьдда,
Иэс лела барз гулбеш лайн.
Цу берех хьоьгуш, со лаьтта,
Т1ехтилла ц1авоьрзу хан.