Керла шо 2

Аза Атагинская
Тийна 1охку мехкан шера аренаш.
Жовх1арш санна лепа ломахь к1айн баххьаш.
1аьно Даймохк хазбина, д1ах1оттийна.,
Соьлжа г1ала нускал санна кечйина.

Декъалбехьа массо нохчий, декъалбе.
Х1ора не1ре хаза кхаьънаш кхачаде.
Ирсе суйнаш Нанойн дагчохь латтабе.
Массо къаьмнаш, машар кхайкхош, декъалде.

Керла шо, ахь адамашна совг1атна
К1айчу говрахь хаза туьйра деана.
Керла шо, хьо беркат дахьаш дог1ийла.
Гергарлонаш ч1аг1луш, марзо дебийла.

Мохо ловзош оьгу лаьтта лайн чимаш.
Керла шарца декъалдеш го адамаш.
Дола дахьаш дагахь доцу диканаш.
Йоьллу не1арш цу диканна, ойла еш.

Азман Джабраилова