Шикъара

Аза Атагинская
Геннара гуш йолчу токхечу басешкахь,
Шийлачу шовдано дог 1абош, аьхна,
Иэдина шайн дахар  ломарчу  кхолламах,
Кху лаьмнийн аганахь Шикъарой баьхна.

Лекхачу тархаш т1ехь г1аланаш йоьттина,
Т1улга т1е т1улг буьллуш,  хьанал  къахьегна.
Йацара Шикъара  д1атаса х1оттийна,
Зуламхойн лаамо йожийна, йаьгна.

Дог1учу зуламна дуьхьала лаьттина
Дог майра къонахий, кху юьртахь бара.
Беъначу бохамо къам ц1ера даьккхина,
Дийзира х1ораннан шен махках вала.

Шикъара боьду некъ,  лар йойъуш, бихкира,
Б1аьргашна х1усамаш гайта ца магош.
Хийла стаг  ойланехь  Шикъара листира,
Ламанийн басешкахь иэсан дой кхарстош.

Ма дарра хьал хиъча  б1аьрхиш ца сацало
Тахана хаьрцина ду къоьжа пенаш.
Кху йуьртах дог лозуш мел волчо сагатдо
До1а до, канаш т1е дог1анаш 1енаш

Буолатан иралло хийла т1улг эгира.
Замано ширдина и т1улгийн йоза   
Ширачу йозанца хаамаш битина,               
Шорде вай и деша хаарийн доза.

Дай баьхна меттиг ган лаамо валаво.
Дукха ду диканиг Шикъарах  ала.
Хийла стаг велхаво, аз дего долало,
Ца ла луш йоьхначу кху йуьртан бала.

----
* Шикъара - старинное село в горах Чеченской республики,
куда жителям властями было запрещено возвращение после депортации.

Азман Джабраилова