Дахаран маь1на

Саид Умахаджиев
  Дахаран маь1на ас цигахь ца лийхира,
  Замано, хийлаза, далуошшехь кица...
  Ницкъ - аьтто Делера ас сайна бийхира,
  Сайн нанна, Делера, ца боьхуш ницкъ...

  Ма дуохко ваьлла со, сан хьоме нана,
  Вас ярна: жималлехь,  берзийна букъ,
  Со новкъа валарна, кхоьссина кхане,
  Ас хьуна дитарна баланийн дукъ!

  Дахаран маь1на ду куогашкахь нанойн,
  Охьа кховдий, схьаэца и мерза мохь...
  Маь1на ду, йист йоцуш, доьналлехь къанойн,
  Ширачу 1адатийн ницкъ - царна чохь!

  Даьржина хиларах дахаран некъаш,
  Ненан дог хьаьстинехь - баьккхина ахь лам!
  Дахаро марзаллийн хитторах текхаш,
  Биц ма бе хьайн ненан безаман чам!