Хаалахь

Саид Умахаджиев
  Хаалахь, ца йогу ц1е, к1ура боцуш.
  Воьдучохь, некъаца г1оттуш ю чан.
  Дуолийнарг ца хуьлу чаккхе а йоцуш...
  Хаалахь, набарах гуш хуьлу г1ан!

  Хаалахь, бала ахь 1евшина бацахь,
  Дахаран хуур бац ма барра чам...
  Хаалахь, хусамехь барт-марзуо яцахь,
  Куьг дагош хуьлуш бу, не1аран т1ам!

  Хаалахь, мостаг1ийн хусамехь, кхача
  Хуьлуш бац чам болуш, эвсара бац...
  Хаалахь, барамехь ца йог1нехь мача,
  Самукъане, парг1ата буолар хир дац!

  Хаалахь, диег1ана вацахь хьо баьчча,
  Малуоно, 1иег1ийна, лай вийрву хьуох:
  Хаалахь, лакхарчу даржие хьо кхаьчча,
  Хьан коьртехь хир ю и, хилла хьан мохь!

  Хаалахь, адам дац кийрахь дог доцург,
  Яхь йоцчуьнан хуьлуш яц мостаг1чуьнга хьаг1...
  Хаалахь, къонах вац, кхинхетам боцург.
  Лийр воций хаалахь, кхаччалца раг1!