Магомадов мовсарна лерина

Раиса Абубакарова
Магомадов Мовсарна лерина.

Малх кхетта сирла де санна йу ойла,
Цу стиглахь к1айн марха санна ду дош,
Байташца йиш хуьлу к1оргенаш гойла,
Буто ша биллинна баххьаш дашош.

Цу байтийн Да ву, сан йуьртахо Мовсар,
И вовзар махкана сийлалла йу,
1алашо йац цуьнан, вонна т1етовжар,
Шен деган лазам и схьагойтуш ву!

Харцонах хьо ларвеш, нийса некъ гойтуш,
Байташца буьллу цо беркатан некъ,
Безамах дог дуьзна, мерза къурд бойтуш,
Даймехкан хазаллин йоьллу цо не1.

Дуьненчохь адмашна ирс-аьтту бала,
Йиш хилча, канашца лур бара д1а,
Нохчаллах ца воха, эшахь са дала,
Ойла йеш ца лаьтташ , лурдара д1а!

Вахалахь, диканца йоккхуш хан йехха,
Хазачу байташца хьасталахь дог,
Дуьненчохь дехийла хьан иллеш дехха.
Некъ хадош ца х1уттуш дуьхьлонна дохк.

21. 10. 21ш. Нисйина 22. 05. 22ш.  Ларамца / Джабраилова/ - Абубакарова Раиса.