Сий-ларам хуьлийла, ваха-хьаьжа, хьан

Раиса Абубакарова
СИЙ-ЛАРАМ ХУЬЛИЙЛА, ВАХА-ХЬАЬЖА, ХЬАН.

Дуьненчохь вехаш ша, муьлххачу маь11ехь,
Къонахчо йожор йац "НОХЧО " - хьан ц1е!
Кхерамо човхийча, бос баьхьна  йуьхь т1ехь,
Вухур вац, водур вац доьхначохь де.

Хиллачух дуьстича, муьлххачу хенахь,
Замано билгалво шен турпалхо,
Вай вийца хьакъ верриг, 1аш хиларх геннахь,
Сий долу Ваха-Хьаьжа, вайн махкахо.

Лахарчу Вартовскехь, 1аш  бу вайн к1ентий,
Де- буьйса ца лоруш къахьоьгуш бу,
Парг1ато йац церан майрачу дегнийн,
Вайнехан лазамаш нисбеш уьш бу.

Ваха-Хьаьжа, 1адлан-Хьаьжа, Якъуб-Хьаьжа аьлча,
Йоккхучу шайн ц1арца бевзаш бу уьш ,
Йуьхьк1ам бу махкана, иштта к1ант ваьлча,
Ца вухуш, муьлххачу халоно  зуьйш.

Июнь ткъе доьалг1а, диц дан ца дезар,
Поездчохь, некъаца, нах 1адабар,
Ц1е йаьлча, орцанна, уллохь г1о иэшар,
Х1етте а, вайн ваша, ша ларавар.

Къонахчо, зулумден,  йохийна ойла,
Поезд чохь,зулам дан кхайкхича кхел,
Лиъначух, ц1е хьаьрчаш, и поезд гойла,
Шен лаам, моьттина, буьсур бац  к1ел!

Вайн Делан лаамца, х1оьттина бахьна,
Ваха-Хьаьжин нисдалар  цу йуккъехь вар,
Тийналла х1оьттинчохь,  зуламна аьхна,
Ц1е йуьллуш и к1илло,  ша, саца йар.

Ша бохург д1адаьллий, и к1илло кхийти,
Т1екхаьчча, ша сацош нохчочун куьг,
Ницкъ мел бу дуьхьала махуьллу лийти,
Къарвели, гича и, цавоьхний - цуьрг.

Вай Дала къинхетам цу нахах барна,
Бахьанна Вячеслав, Ваха - Хьаьжа луш,
Зуламда вожийча, хастам беш Далла,
Нах каде хьаьвзира, цо  динарг гуш.

Зуламда схьалоцуш, кхеле д1авелла,
Доккхачех зе доцуш дирзича г1улкх,
Ша вийца ца вуьтуш и къайлаваьлла,
Гойтуш шен, бакъволчу, нохчочун г1илкх!

Сий дойла хьан Дала, Закриев Ваха,
Нур лепаш хуьлийла йалсаманехь ц1а.
Лерамца доькхийла ахь динарг наха,
Лар йоцуш ма дойла ахь хьегна къа!

28. 06. 22ш. / Джабраилова / - Абубакпрова Раиса.