Сий-ларам бовр боцу к1ентий

Раиса Абубакарова
Сий-ларам бовр боцу к1ентий.

Ханн-зама д1а г1ур йу, диц ца луш цкъа а,
Къоман т1ехь, бехк боцуш, кхоьллина ц1е,
Турпала Вежарий, диц  лур дац тхуна,
Къоман сий лардарехь 1аьнна шу ц1ий!...

Нохчийн къам, х1аллак дан, мекарло хилла,
Маршонах хьегадан,  чу беъна т1ом.
Бакъонаш д1атоьттуш, харцо толийина,
Къизалло 1адийна  йаьккхина ханн.

Сийлахь къам,  гуора хьо дахийта г1ерташ,
Ла ца ло халонаш мостаг1чо йеш,
Дин доцу боьхалла холкъанна латтош,
Хеталуш,  шайн харцо йера йу чекх .

Лечанах  тарвелла кхечира Вах1ид,
Гайтира мохк ларбан вайн к1ентий буй,
Таьнгичура Эльзи ви цо шех Шах1ид ,
Гайтарца, сий лардан, Ша, Ваша вуй!

Луьра хан, къаьхьа хан, йамартлон зама,
Баталов тобанна  тешна бехк би,
Йи чевнаш Турпала вай к1ентий цоьстуш,
Харц эпсар,  бакъ ван  шайн, барт, къайлах би ...

"Харцо чекх йели вайн!" - хеттачу хенахь,
Моьттинчахь -"некъ хадо кхин къонах вац !.."
Дарйелла борз санна Юсуп т1е кхечи,
Ч1ир эца, гайти цо, вуй Нохчо к1ант !..

Ка даьлла, кхелана, дог реза хилла,
Борх1узза т1етухуш молханна  х1оъ ,
-"Сан Нохчий, ч1ир йуьтуш, цкъа а ца лаьлла!
Со царах ч1ир эца, ву Нохчийн во1!"

Сий хуьлда къонахой, йахь йолу к1ентий,
Шай мехкан дола деш, дели Аш Са!
Дуьненчохь ханн йоккхуш Нохчийн къам мел ду,
Шайн мехкан дола дар, Аш, диц лур дац!

Шу тайпан КЪОНАХОЙ - Вайн Къоман Сий ду!
Дуьненна гайти Аш Нохчочун Йахь !
Г1азотан некъ хоржуш, харцонаш совцош,
Мостаг1чун гайти Аш - Йижарийн Мах !...

(03 . 08 . 21 ш.) Нисйина 03. 08. 22ш.  Ларамца - / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.