Беркате шо

Раиса Абубакарова
БЕРКАТЕ ШО.

Дика-вон хийцалуш зама д1айели,
Дахарах ка йетташ вай хене девли,
Жималла ченашлахь д1о ловзуш лела,
Амма сан б1аьргашна хьо жима хета.

Ца лаьа месаш т1ехь къоьжалла гойла,
Лааркха вайн Дала хьо ирсе войла,
Цатемаш йоьдучу хено д1ахьойла,
Т1екхета х1ора шо беркате дойла.

Хьох болу сан ларам, сан деган ойла
Сан бахам, аьттун куьг массарна гойла,
Руслан , сан лекха лам, сан хьоме ваша,
Ахь маршша ког буьллуш ирсах некъ хьаша.

Ткъа тахна шовзткъе пхийтт дуьзна хьан аьлча,
Сан даго бакъ ца до, оццул хан йаьлча,
Хетало вайн нана, жималлехь санна,
Гонаха хьийзаш йу массо а ханна.

Хетало кечбеш йу цхьа мерза кхача,
Хьо вина де даздан, т1елаца хьаша,
Йелалуш, йекхалуш, дуьхьала йала,
"Сан к1ант, ас даггара, декъал во !" - ала.

29. 08. 22ш. Ларамца йиша / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.