Магомадов 1усманан ларам беш

Раиса Абубакарова
МАГОМАДОВ 1УСМАНАН  ЛАРАМ БЕШ.

Чолхе хьал х1оьттина, йеана хан,
Кхерамца, Нохчийн мотт, йуккъера бан,
Нагахь вай битахь и, сий доьжна 1ан,
Ца хаьа, кхин вайна х1ун дисна ган.

Сагатлуш, ойла йеш, хьийзачохь со,
Т1екхуьу керла чкъор довзар нисло,
Цу йуккъахь сатедеш, 1усман, хьо го,
 "Оьздаллийн ц1ийнан"-ву, хьо белхало.

Сурт х1оттош белхан мах лахара бац,
Б1аьрахи даланза стаг вуьсуш вац,
Тоьшалла дан йиш йу, дац иза харц,
Мукъа хан кегийрхойн ахь йуьтуш йац!

Къинхьегаман бу хьан лаккхара мах,
Хьан белхан мах хадо бу дуккха нах,
Х1оттош сурт сцени т1ехь цкъа мукъне гахь,
Доггаха т1еоьцу, - тоьшал деш бах!

Декъала хуьлийла бусулба к1ант,
Беркате хуьлийла хьан даржан г1ант,
Ахь бечу балха т1ехь цхьа а дац ант,
Даржехь хьо сов ваккха хуьлийла барт.

Нохчийн мотт, хьан марзбан 1алашо йу,
Кегийрхой хьехамна, хьан, реза бу,
Иллешца мотт хазбеш, гойтуш хьо ву,
Масалла хьох оьцуш къона чкъор ду.

Хьо винчу Ненан ас сий, ларам бо,
Махкана дика к1ант кхиийна цо,
Шу мел ду, вайн кхане ирс долуш го,
Ирсечу кханено вай декъал до!

(04. 03. 22ш.)- Нисйина 04. 08. 22ш. / Джабраибова/ - Абубакарова Раиса.