Сан ирсан туьйра

Раиса Абубакарова
Сан ирсан туьйра.

Шо шаре мел долу йоккхайеш лела со,
Вайн Дала совг1атна йаларна хьо,
Хьо сайца хиларна, сайн дуьне ирсе го,
Аллах1а хьайн ирсах тухийла хьо.

Догц1ена, куц хаза кхолларна вайн Дала,
Де дийне мел долу ас хастам бо,
Сан ирсан зезаг ду, массерга хьо ала,
Реза йу, хьан дуьхьа йехаш йу со.

Сан йо1, хьо ду хьуна, дахаран сан туьйра,
Туьйранан исбаьхьа хьоза ду хьо,
Цкъа а ма хедийла вайшинна и уьйра,
Хьан дезчу денца ас хьо декъалйо.

Йехийла даиман дуьненчохь хьо маьрша,
Ирс долуш хуьлийла ахь боккху ког,
Хаалахь,  дуьххьара дуьненчу хьо йаьлча,
Маликаш хьаьстира хьан ненан дог.

13. 08. 22ш. Сайн Заремина, йиначу денна.
/ Джабраилова / - Абубакарова Раиса.