Замано ца ловзи

Петрбиев Халид
Замано ца ловзи,
1ехави, жималло.
Моьттара вера вац -
Пхийтара.
Ца хилла даима -
Лаьтташа, могшалла.
Ца хилла лаьтташа -
Доттаг1а!!

Замано ца ловзи
1ехави жималло.
Тилави дуьнено -
Тилави!
Ладоха жималаьхь,
Собаре цахилахь,
Замано кхуссар ву,
Боьрдаха!

Ах дахар д1адола,
Дуьненах цакхеташ.
Во дика, къастали
Къаьжло масс.
Массера амалша
Бес-беса хиларна
Сих сиха адмо йо
Щена вас.

Кегирхой, сих ма ло
Сихалаьхь, б1аьр-са дов
Боданах тешам бац
Дахарехь.
Таслур дац серлонехь,
Собаре шу хилахь,
Йохь1аьржа г1уьттар дац,
Хотташ г1ахь!