Къинхетам

Аза Атагинская
Делан къинхетамах дуьзна дуьне.
Ша кхоьллинчух Цуо къинхетам бо.
Дийцина ца валлал Дала дина,
Вайх къинхетам беш, диканаш ду.

Дог1а доуьйту Цуо 1або латта.
Лаьттах хьала довлу дитташ, буц.
Коьллаш, ораматаш, стоьмаш, ялта
Кхуьу, болх бичхьана, к1ад ца луш.

Т1едиллина Дала адамашна
Вовшашца къинхетаме хилар.
Хьайл г1ийланиг гар, эсалчу дашца,
Хьайн долчуьнца, г1уллакхца г1о дар.

Далла гергахь совдолу хьан дика.
Делера а хьуна хир ю йал.
Т1ех1оьттича хьуна хала киртиг,
Орцах бовла кийча хир бу нах.

Оьзда, хьанал вахахь, доьзал кхуьу
Ийман долуш; вайна хууш ду.
Къинхетаме стаг комаьрша хуьлу,
Ткъа куралла Делах хервеш йу.

Азман Джабраилова