Илланча

Аза Атагинская
Заслуженный артист РФ
РФ-н хьакъ волу артист, илланча Такаев Сулейман лоруш

Юха а т1екхечи хьо вина деза де.
Декъалвеш, дукхаммуо йоккхур ю и хьан ц1е.
Накъостий хьийзар бу, дагна там бан г1ерташ.
Хьо лоруш, х1иттор ду хьан ц1арах совг1аташ.

Г1арваьлла, вевзаш ву, везарца т1еэцна.
Вайн халкъо пусар деш,  т1еэцна хьан иллеш.
Хьан озе ладоьг1ча там хуьллу къаьсстина,
Б1аьрг бузу нехан хьох, лору  хьо, сий а деш.

Илланчин доккха дукъ хьайна ахь т1елаьцна.
Иллешкахь даима къоман сий айдина.
Хьайн Нана, Нохчийчоь ахь дукха хестийна.
Дуьнент1е хьан валар эрна ма ца хилла.

Вехийла хьо дукха, ирсо хьо хьостийла.
Даима хьан кхерчахь йовха ц1е йогийла.
Кавказехь, ца хедаш, хьан иллеш декийла.
Дахаран аьхналла хьох д1а ма хедийла.

Азман Джабраилова