Ненан хьежар

Роза Дахаева
 
Йог1учу 1уьйренан исбаьхьа басараш санна,
Маьлхаца дуьнен чу мел долу дахар хаздеш,
Муьлхачу х1усамехь шен малх бу, ю и хъо,Нана,
Цунна ду 1алам а, адам а, стигал а теш!

Шатайпа сирла ду ненан шен доьзале хьежар:
Баьргашца хьоьсту цо жима а, воккха а доьзал.
Доггаха 1алашдеш кхерч ларбан  кхоьллина  йоза,
Шен сица тергалдеш  доьзалийн  дахаран доза.

Барам бац, бустам бац, ненан деган безам бийца!
Хьан довха куьг лаац цхьанна а дарбанах хийца!
Оьшуш дац, я хаац деха а доца а дийца,
Ду цуьнца са парг1ат, 1аламат ду цуьнан ц1ийца!

Нохчочун  х1усамехь г1оттийла малх нуьре къежа.
Г1ийла  ма  йуьсийла  Нана,  хьо  доьзале  хьежа!

Дахаева Роза  2021,гуьйре