Йа Аллах1, марздехьа Къур1анан йоза

Роза Дахаева
 
Йа Аллах1, марздехьа Къур1анан йоза,
Алсам а довзуьйтуш Исламан дин.
Хилийта х1ора дош маь1на дан говза,
Дарбанца охуьйтуш хесалгаш син.

Йа Аллах1,лардехьа кхетаман доза,
Ц1еначу боккхуьйтуш хааран ког,
Адмашна пайденна декийта хьоза,
Байташца 1абийтуш кийрара дог.

Йа Аллах1,собарца дуцахьа некъаш,
Комаьрша ойлана нисдехьа харш,
Сан сина бахамца хуьлуьйтуш хьекъаш
Халкъана йозанца йеш йолу харж.

Къур1анан бух болуш васташца дазаш,
Доьху аса, нисдехьа х1ора сан дош,
Сирлачу новкъахь йехьа со 1алаш1
Ненан дог д1акхайкхо бакъо карош!
23.04.2022      Роза Дахаева