МА ХИЛА ЛАЙ

Раиса Абубакарова
МА ХИЛА ЛАЙ!

Сий ойуш буьйцучо вайн Нохчийн мотт!
Ларамца хадор бу вайн къоман мах!
Даго т1еоьцур бац кхин, хийра мохк,
Буьйцур бу ненан мотт, лур бац  и къахь!

Ийзалуш лелахь хьо бийцарехь мотт,
Дицлуш, дайн орамаш, Нохчочун яхь!
Йицйаро къоман кеп, хийцаро  ботт,
Нохчаллах воккхур вуй хьо хаалахь!

Къаьмнашлахь къовсамехь ду ала дош!
Уггаре ширачех бу Нохчийн мотт!
Бийцахь и сий дина, ца иэдеш д1овш,
Къовсамехь сий хир ду, кхайкхабеш Мохк!

Ненан мотт  биц а бай ма лела х1ай!
Хьо цхьанне оьшур вац, хир бу мах бай.
Сийлахь къам дицдина, хетийтахь вай,
Лелар ву декъаза, хилла хьайх лай!

Лай хилла Нохчийн къам цкъа лелла дац!
Г1иллакхах ца бухуш, ларбелла нах!
К1иллох цкъа стаг хеташ цхьа хилла вац,
1адаташ ца лардахь - хетар бац мах!

Вайн дайша ларбина вайн Ненан Мотт,
Т1аьхьлонна дитина ала шайх дош,
Т1аьхьарчу т1аьхьаьнна дитина кост,
Дедайша лелийнарг - ма хета мохь!

Хаалахь бехар бу вайн Ненан Мотт,
Шо-шере мел дели кхетар бу нах!
Лай хилла лелар ву бицбинарг Мохк,
Эла къам лаьттар ду - айъина мах!

07. 02. 22ш /Джабраилова/ - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CZp5RcGKu6k/?utm_medium=share_sheet