Вешин той

Аза Атагинская
Тахна той ду юьртахь доьдуш,
Везаш волчу вешин той.
Хьеший бу самукъне, боьлуш,
Нускал далош бу замой.

Ма кхоаде цхьа а пиллиг,
Шовкъе вала, пондарча,
Хелхарехь  диллийта б1иллиг,
Тоха вота, вотанча.

Стигал- латтий доьду 1ана,
Гича йоь1ан хазалла.
Оьзда  г1иллакх, тайна амал
Юьйцу йоь1ан дикалла.

Аьрзуно шен  т1емаш санна
Айде куьйгаш, нисдай дег1.
Къонах хелха волу тайна,
Баккхийбарца хьоьжу нах.

Гуонехь хьайн сихалла гайта,
Хьуьнар гайта тхуна хьайн..
Каде кога буьхьара х1отта,
Дендайх дисна хелхар дай!

Кийрара дог ловза даккха,
Хьовзайе йо1, буог1а бохь!
хьан дуьхьа ду хьийзаш латта.
Тхан самукъа долу хьох.