Алахь, Дахар!

Петимат Давдаева
Алахь, дахар, хун ду уггар мерза,
Кху дуьненахь стенца дуста хьо?
Бахам,1алам, доьзал-хун ду коьрта,
Хаттар ду сан хоьга, жоп ахь луо.

Дийцахь,дахар,хун ду ганза диснарг,
Мила  висна  ца  лайнариг   вуо,
Доьзал буьтуш,Нана яхна хийла,
Нана  елхош,къайла  ваьлларг ву.

Хаттарш  гулдеш, маса  йоьду зама,
Адмийн дегнаш ч1аг1 деш,гойтуш вуо,
Амма  дац хьо,дуьне,идо  атта,
1ехавелларг   ахь   ца   кхоаво.

Маржа дахар,яц  хьан ойла к1еда,
Ахь  хаттаршна  жоп а луш  ца  го,
1ехавелларг кохьрахь 1охьуш хета,
Коьрта  дериг  гойтуш,халлак  во.

Дац кхин хаттарш,дац хьо к1еда-мерза,
Ц1ена  ойла    суна   коьрта   го,
Уггар мерза кху дуьненахь,дахар,
Суна  Нана, доьзал, 1алам   го!

26.04.2022г (25-й день месяца Рамадан!)