Рифма

Аза Атагинская
РИФМА. ХIИНЦАЛЕРЧУ НОХЧИЙН
ПОЭЗЕХЬ ЦУЬНАН БАШХАЛЛАШ
Рифма. Цуьнан хIун маьIна ду поэзехь? ХIун кхочушдо цо поэтически произведенешкахь? Оьшуш ю иза я оьшуш яц? ДIаер юй поэзера рифма? И санна долу хаттарш лаьтташ ду нохчийн хьавха, шайн литературоведени кхоччуш кхиина лоручу оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а поэзина хьалха.
ХIинцалерчу малхбузаевропейский, американский поэзехь рифмаш янний яц ала тарлуш ду, наггахь бен бац церан рифмаш йолу стихаш язъеш поэташ. ХIинцачул 170 шо хьалха А. С. Пушкина а баьхна: «Думаю, что со временем мы обратимся к белому стиху. Рифм в русском языке слишком мало. Одна вызывает другую. Пламень неминуемо тащит за собою камень. Из-за чувства выглядывает непременно искусство. Кому не надоели любовь и кровь, трудной и чудной, верной и лицемерной, и проч.»10. Амма хIинца а генахь хета оьрсийн литература Пушкина йийцинчу, рифмаш ца лелочу, поэзига яла. Ерриге а оьрсийн поэзи тахана а рифмашца ю, рифма йоцу стихаш язъеш поэташ белахь а.
Нохчийн поэзехь а изза хьал ду.
Лакхахь далийнчу хаттаршна кхоччуш жоьпаш дала ца гIерта тхо. ХIокху сохьта нохчийн поэзин рифма талларан хьелаш цу тIегIане ца кхаьчна. Нохчийн литературоведенехь рифмин башхаллашна лерина язбина цхьа а болх бац. Бакъду, хьалха дIабаханчу а, хIинцалерчу а литературоведаша Айдаев ЮшаIа, Вагапов Якъуба, Чентиева Марьяма, Завриев МаIдулас, Минкаилов Эльбруса, Туркаев Хьасана, яздархоша Ошаев Халида, Сулаев Мохьмада, Арсанукаев Шайхис, кхечара а, шаьш юкъарчу маьIнийн статьяш язъеш я цхьаболчу авторийн поэтически произведенеш толлуш, церан рифмин къастамаш а боцца хьахийна. Амма нохчийн поэзин рифмин башхаллаш шаьш яьхна йийцина яц. ХIокху статьян Iалашо а яц дукха шуьйра: хIинцалерчу нохчийн поэташа шайн произведенешкахь рифмаш лелоран тидам бар, церан башхаллашка хьажар ду автора дагалаьцнарг.
Рифма боху дош грекийн маттера схьадаьлла ду. Цхьаьнадар, цхьаьнабарамехь бохург ду цуьнан маьIна11. Стихотворенехь шина я масех стихан чаккхенаш (клаузула) цхьаьнайогIуш, цхьатера декачу аьзнех лаьтташ хилча, кхоллало рифма:

Ойла ер вайшимма сахиллалц тховса12,
Ойла ер адамийн, ойла ер лаьттан,
Хан кхаьчна вай вешан дегнашка хьовса:
Малхаца яхь дуьйлуш даха вай лаьттахь!
(Я р а л и е в Ю. Седарчийн буьйсанна.)

Поэзин теоретико В.М. Жирмунскийс рифма лерина стихотворенин метрически дIахIоттам кхолларехь маьIна долу аьзнийн муьлхха а юхаалар («всякий звуковой повтор, несущий организующую функцию в метрической композиции стихотворения»13). И аьзнийн юхаалар (рифма) стихан чаккхенехь хилла ца Iаш, стихан юьххьехь а, стихан юккъехь а (ах стих чекхъяьлча) нисдала тарлуш ду, боху цо. Рифмин коьрта билгало лору В. М. Жирмунскийс стихотворенин метрически дIахIоттам кхолларехь цуьнан билггал долу маьIна хилар14.

Литературоведа Л.И.Тимофеевс а яздо: «Рифма – иза стихотворенин шина (я царал дукха а) могIанан чаккхенашкара аьзнийн юхаалар ду, шеца ритм кхолларан маьIна а долуш»15. Стихотворенин ритм кхолларехь къаьсттина мехала ю рифма. Рифма йолу могIанаш вовшашца хийцадаларо кхуллу стихотвороенин ритм. Рифмин коьрта маьIна ритм кхолларехь ду, цундела стихан юккъехь цкъацкъа нислуш долу аьзнийн юхаалар рифма ца лору Л. И. Тимофеевс, «внутренняя рифма» олу термин шен чулацамехь нийса яц боху цо16.

Стихан башхаллаш теллинчу В. Е. Холшевниковс а17, Б. П, Гончаровс а18 коьрта долчу декъана царах терра кхетам ло рифмех.
Цу тайпана, стихотворенехь ритм кхолларан маьIна а долуш, стихан чаккхенашкахь цхьатерчу аьзнийн юхааларх олу рифма. Кхузахь тидамехь хила деза: дуьйцуш дерш аьзнаш ду – элпаш дац, алар ду – дIаяздар дац.
Стихехь шуьйра маьIна ду рифмин. Иза йозаелла ю стихотворенин ритмах, аьзнех, лексикех, синтаксисах, интонацих, строфикех. Рифмо, стихан могIа чеккхбалар билгал а деш, строфахь стихаш цхьаьнатуху, строфан хIоттам къастабо. Стихотворенехь шайн маьIница мехала долу дешнаш къагадо рифмо. Стихотворенин хатI билгалдоккху цо, интонаци кхолларехь а мехала ю рифма.
Тайп-тайпанчу хьежамашца классификаци йо рифмин.
Рифмовка йолу стихаш стихотворенехь дIанисъяларе хьаьжжина, билгалйоху рифмаш:

Шалгу (я юххера) – шишша цхьаьна нислуш:
Нигатан шабарш до акхачу кхораша.
Iуьйкъенан серлонаш сегайо кораша,
Делахь а яц уьш хьан пхьа-шахьарш къаггол,
Я сирла маликаш хьан нуьрах хьаггол.
(Б и с у л т а н о в А. Нигатан шабарш до...)
Кхузахь юххерчу шишша стихан вовшашца рифма ю кхораша – кораша, къаггол – хьаггол, церан схема иштта ю: а а б б.

ЖIаре рифма – могIа юккъе буьтуш, хьалхара стих кхоалгIачуьнца, шолгIа стих йоьалгIачуьнца рифмовка йолуш хуьлу:
Эзарнаш маьлхаш кIел, можа бос оьцуш,
Седарчийн вай даьлла Iаьржачу арахь,
Сийначу зIаьнарийн юнаш чухоьцуш,
Ойланах уьш етташ, хьийзаво цара.
( К и б и е в М. Седарчийн юнаш.)
Оцу стихийн рифмаш ю оьцуш-чухоьцуш, арахь-цара, церан схема: а б а б.



ЧIагаре рифма – хьалхара стих йоьалгIачуьнца, шолгIаниг кхоалгIачуьнца нислуш ю:
Леха а дера ма лийхи,
Чехийна шеконаш луьттуш.
Аьхна сан гIевлинга хIуьттуш,
Хьох йисна марзо а лийли.
(А х м а т у к а е в А. Вай хIунда къаьстина, хIунда?)
Кхузахь рифмаш ю лийхи-лийли, луьттуш-хIуьттуш, церан схема: а б б а.
Бакъду, оцу схемаша билгалъяьхнарш хилла ца Iа поэташа лелош йолу рифмаш, уьш кхечу кепара а хуьлу. Масала, Эдилов Хасмохьмадан “Сийлаха” поэми тIерачу Аружин эшаран тидам бер вай:

Эдалха, лепа,
Сан десар, лепа,
Атлазан хьан гIовтал лепа.
Эдалха, ло-хьа,
Хьайн десар, ло-хьа,
Ши бос лепа дарин коч
ло-хьа.
Цкъа мукъа вуола,
Тхо долчу вуола,
Сагатделча бIаьрг тоха вуола.
Хьоьга сатуьйсуш,
Гаре сатуьйсуш,
Тхо ду хьуна хьо варе
хьуьйсуш.
Кхузах хьалхарчу кхаа строфахь цхьана дашах лаьтташ йолу кхолха рифмаш ю, йоьалгIачу строфахь а иштта рифма ю шина дашах лаьтташ.
Ерриге стихотворени а нисло цхьана рифмица язйина:

Нанойх бераш д а х а р.
Махках халкъаш д а х а р.
ТIемаш, девнаш д а х а р. БIаьргаш, кортош д а х а р.
Хьан цIе къахьян гIерта дешнаш ма дукха ду-кх,
Д А Х А Р   ( А б д у л а е в Л.)
Цхьана рифмех лаьтташ йолчу стихотвренех монорим олу.
Шайна тIехь тохар долчу меттиге хьаьжжина, къастайо рифмаш:

божарийн – тIаьххьарчу дешдекъа тIехь тохар долуш,

зударийн – тохарна тIаьхьа тохар доцу цхьа дешдакъа долуш,

дактилически – тохарна тIаьхьа тохар доцу ши дешдакъа долуш, гипердактилически – тохарна тIаьхьа кхоъ, цул сов а тохар доцу дешдакъош долуш.
     Царах хIоранга а стихашкахь хьовсур вай:
Генарчу махкара зезагийн хIуш
Деъна, ахь соьга хаьттира царех:
 Алахьа,; ткъа кхузахь кхуьур дуй уьш,
Сийна бай буьзна бу акхачу ярех?

Ахь дийра генарчу махкара хIуш,
Ткъа хIума-м ца кхии зезагаш аллал.
Ас хоьтту: “Цхьанне а оьший-те уьш?
Сийна бай буьзна бу хазачех царел”.
(Ц у р у е в Ш. Ибрагимов Лоьме.)

Хьалхарий, кхоалгIий, пхоьалгIий, ворхIалгIий стихашкара хIуш – уьш, хIу – уь божарийн рифмаш ю; шолгIий, йоьалгIий, йолхалгIий, борхIалгIий стихашкара царех – ярех, аллал – царел зударийн рифмаш ю.

Мел аьхна ду хIаваъ бIаьстенан,
Хьажаро кхин хьажар хьаьстина,
Шеконан шийла шад баьстина,
Безамо мор баржийна.
(А р с а н у к а е в Ш. Безаман аз.)
Оцу стихашкара рифмаш бIаьстенан – хьаьстина – баьстина дактилически ю.
Суна лаьа дийначаьрца
Дийна воллуш къамел дан,
Сайца цхьаьна хиллачаьрца
Хинболчарна каро хан.
(Шайхиев I. Суна лаьа дийначаьрца…)

Рифмаш дийначаьрца – хиллачаьрца гипердактилически ю. И санна йолу рифмаш дукха яц нохчийн хIинцалерчу поэзехь.
Стихотворенехь рифмаш, еккъа цхьана тайпанан йоцуш, иэелла а хуьлу:
Бутт го мархаш тIехьахь стиглахь,
ЗIаьнарша лам дато бо.
Ахках тера доьдуш цигахь
Ча Такхийна Тача го. ....................................................
Iаьржа буьйса хьаьдда йоьду,
Бода баржош лаьмнашкахь.
Хеза, хеза жIаьлеш леташ
Къорра лаьмнийн ярташкахь.
Кибиев Мусбекан “Буьйса” стихотворени тIера ялийнчу оцу шина строфахь кхаа тайпана рифмаш ю: божарийн (бо-го), зударийн (стиглахь-цигахь), дактилически (лаьмнашкахь-ярташкахь).
Шайн хIоттаме хьаьжжина, рифмаш шина а, кха а дашах лаьтташ а хуьлу:


ЙоьIан, сан ирсана, стиглара стелаIад,
Безаман бос керчош, дIа ца довш, Iелахь Iад!
(К и б и е в М. Баттара баьлла малх.)

СтелаIад дашана ялийна Iелахь Iад рифма шина дашах лаьтташ ю.

ХIора а Iуьйранна сан коре долий,
Декалахь, делалахь хьоза:
Хьан зевне аз хезча самукъадолий,
Сан кийрахь дог долу ловза.
(А р с а н у к а е в Ш. Зарзар.)

Самукъадолий – сан коре долий рифма кхаа дашах ю.
Аьзнийн башхаллашка хьажжина билгалйоху нийса а, нийса йоцу а рифмаш.
Нийса рифма олу тохар долчунна тIера дIа дерриге аьзнаш цхьатера долчух:
Со хьох ваьлла дукха лелла,
Мохехь, малхехь листина,
Ас хьан марзо кIезиг мелла,
Ахь со кIезиг хьистина.
(Г а ц а е в С. Буйьса хаза. Буьйса тийна.)
Лелла-мелла, листина-хьистина нийса рифмаш ю. Тохар долчу дешдекъа тIера дIа дерриге а аьзнаш цхьатера ду церан ( кхузахь-м уьш цхьатера хилла ца Iаш, цхьа аьзнаш ду).
Нийса йоцу рифма кхоллало мукъа аьзнаш коьрта долчу декъана цхьатера а долуш, мукъаза аьзнаш къаьсташ хилча:
Со вахийта цига ведда
Тхилахь когаш берзина.
Малх комаьрша юьхь тIе ледда,
Ховха сибат мерцина.
Мангал-комарш йиъна вожа,
Метта санна, бацала,
Бенахь теба къорза моша
Лаца, сайга лацалахь...
Я вигахьа, нана, хьайца,
Ирзе йоьдуш, асара,
Аса, хьалха санна, хIинца
Шунаш дохор дацара...
         (Я ш у р к а е в С. Тахка стигал, ага санна.)


Берзина-мерцина, вожа-моша, бацала-лацалахь, хьайца-хIинца, асара-дацара нийса йоцу рифмаш ю.

Нийса йоцчу рифмин тайпанаш ду: ассонанс – мукъа аьзнаш цхьатера, мукъазнаш къаьсташ долуш (берзина – мерцина, вожа – моша, асара – дацара); хедийна рифмаш – цхьана дашехь тIаьххьара мукъаза аз доцуш (бацала – лацалахь); консонанс я диссонанс – мукъаза аьзнаш цхьатера долуш, тохар долу мукъа аьзанаш къаьсташ долуш (хьайца – хIинца).
Цу тайпана вайна го, х\инцалерчу нохчийн поэзехь рифмин дерриге а тайпанех пайда оьцуш хилар. Нохчийн рифма дукха хьолахь дийнна дашах лаьтташ ю, рифма шех лаьтташ ерг дешан цхьа дакъа хилла ца Iаш, дерриге а дош хуьлу.
 Иза доьзна хила тарло нохчийн маттахь тохар даим а цхьана меттехь – дешан юьххьехь лаьтташ хиларца. М. А.-А, Завриевс нохчийн поэзехь рифмин ша-тайпана йолу башхалла лору даиманна а рифма хилла лела дезарг шена тIехь тохар долу дешан дакъа хилар, цунна тIаьхьа массех а дешан дакъа хиларх а.19
Иза нийса ду, амма тохар долчунна тIаьхьа долу дерриге а дешан дакъош а рифма кхуллуш ду, аьлча а, оцу тохар долчу дешан декъаца цхьаьна рифма хуьлий лелаш ду.
Нохчийн маттахь санна, дешан юьххьехь тохар долчу чехийн поэзехь рифма тIаьххьарчу дешан дакъойх латта тарло, тохар муьлххачу а дешан декъа тIехь делахь а.20 Нохчийн поэзехь тхуна иза ца хааделира. Кхузахь, оьрсийн поэзехь а санна, рифма тохар долчу дешан декъах йозаелла ю.
Статья дIайолалуш вай хьахийна ма-хиллара, дуьненан литературашкахь тIаьхьарчу хенахь даьржина рифмаш йоцуш стихаш язъяр. Нохчийн литературехь а ду иза хаалуш. Масала, Арсанукаев Шайхин цхьайолу поэмаш, Абдулаев Лечин, Супаев Русланан, Шайхиев Iалвадин, кхечеран а цхьайолу стихотворенеш.

Автор лаха везаш ву