Нана ц1ера йаьлча,
Х1усам еса хуьлу.
И ц1айан хьейелча
Кхача чаьмза хуьлу.
Нана улехь йацахь,
Сагатлуш, сахьийза.
Гинарг ц1ахь, йа арахь
Дог ца дог1у дийца.
Цхьанхьа вахарх-варах,
Цо декъалбо некъ хьан.
Самукъне дац дахар
Нана уллехь йацахь.
Азман Джабраилова