Ненал мерза х1ума дац

Аза Атагинская
Йа Рабби,Аллах1! Аллах1!
Хьан дикаллин доза дац.
Ненал мерза х1ума дац,
Нана цхьаъ бен хуьлуш яц!

Дала вайна язйина
Сийлахь Нана кхьоьллина.
Дуьне маьрша даалахь,
Деган серло, яхалахь!

Нана ларъяр сийлахь ду,
Цунна ирс вай доьхур ду.
Нана ларар декхар ду,
Цуьнца дахар мерзе ду.

Нана цхьаъ бен хуьлуш яц,
Цулла мерза х1ума дац.
Дийнахь- буса ларам беш
Нана Деле ехалаш!
   
Азман Джабраилова

-------

Нашид
Исполняет ансамбль нашидов "Ан-Нур" г.Аргун