Дагуо лиехнарг, марша ва!

Аза Атагинская
1.
Ойлано сецадо хьан амат шеца,
Мел тайна, мел башха куьце хьо ву.
Хьо хестош нийсархойн къамелаш хезча,
Сийначу алуно дог дагадо.

Припев:

Марша ва хьо, маьрша ва,
Даго лиехнарг, марша ва!
Сирла безам сан дагна
Бахьаш веънарг, марша ва!
Марша ва хьо, маьрша ва,
Хьомениг хьо марша ва.
Деган безам, марзо сан,
Деган эла, марша ва!

2.
Хьайн дагт1е боьду некъ бастахьа суна.
Хьо воцчохь маьлхан нур кхоьлина ду.
Со хьайн ю ахь аьлча, со йоьлуш хьуна,
Хьомениг, и башха де дог1ур ду.

Припев тот же.

3.
Хьо цхьаъ вуй хаалахь сан деган эла.
Вайшинна ирс доьхуш, со ехаш ю.
Со йолчу кхачахьа, сох дага вала,
Сил дукха везарна, хьох тешаш ю.

Припев тот же

Азман Джабраилова

***

Музыка ...
Исп. Роза Янгульбаева