Дахаран къизалла

Саид Умахаджиев
  Лаьтта т1е кхуьссу вай дахаран дино,
  Амало иэккхабой, йеш вайна чевнаш:
  1ожалло къестадо, цамгаран уьно,
  Мерзачу хусамийн д1акуьйлуш кевнаш.

  "Дахаран къизалла ю-кх х1ара" - олий,
  Цу дешнийн букъ т1ехьа бехказалла лоьхуш;
  Гергарнах битина, новкъа о довлий,
  Дуьненахь лиела вай, доцу рицкъ доьхуш!

  Хусам а йитина - дайбаьхна ц1енош,
  Некъ хьоьшуш доьлху вай, шийла мох луьйцуш;
  Ларъйоцуш 1иенадеш, хьаллакдеш денош,
  Рицкъанах, хьомсара аматаш хуьйцуш!