Йа шах1ру рамадан

Раиса Абубакарова
ЙА ШАХ1РУ РАМАДАН !

Дог1анах 1абийна, цу  малхо къагийна ,
Йеана хьо 1уьйре, хьайн х1аваъ ц1андина .
1амал-йал совйоккхуш , къинойн мохь байбина ,
Вай Дала совг1ат деш йелла хан  ю шуна !

Маршаба Рамадан, тхо хьаьгна йеза хан,
Ма сиха боьду хьо,  де-буьйсий керчадеш,
Ирс долуш ву шуна, йелла хан леринарг,
Къинойх ша ларвелла, марханаш кхобуш верг !

Мархьаба, Маршаба йа шах1ру Рамадан,
Хьох беркат доккха ду, вай Дала дитина,
Хьан сий дан, пусур дан, доггаха ларам бан,
Хууш верг, ву, Дала диканца къастийнарг!

Хьо кхаба хала дац, сий дина т1еоьцуш,
Вайн Дела реза ван, 1амалаш совъйохуш,
Хьан ларам бочунна, совг1ат мах беза бу,
Ца кхобуш 1ачунна эшам мах боккха бу !

Тийналлехь, 1уьйренца, олхазарш декаш ду,
Хетарехь эшаршца, мархийн бутт базбеш ду,
Олхазарш, шоьга ас, ладуг1у леринна,
Со а йу йокка йеш , кху хене кхачарна !

Йоккхайеш, бусулба, Дала вай кхолларна ,
Ламазна , мархийна марзо сов йаларна,
Йа Аллах1, доьху Хьоь, дахар тхан ирсе деш,
Эхарта дирзича каш-лахьта нуьре де!

02 .04 . 22 ш . / Джабраилова/ -  Абубакарова Раиса.