Вайн нохчийн къонаха

Раиса Абубакарова
ВАЙН НОХЧИЙН КЪОНАХА

Хаьттича: - "Муьлхарг ву бакъволу Нохчо?"
Дуьззина хирдара сан дала жоп .
Вай Делан дош лардеш, еш цунах кхачо,
Г1ароллехь лаьтта и йуьйлина топ.

Дег1ана там лоьхуш цкъа а ца лела,
Юкъ йостуш, дег1 хецна и вехаш вац .
Махкара сингаттам  берзо и г1ерта,
Махкана иэшча цо, букъ тухур бац .

Г1иллакхах бакъ волу Нохчо ца вуху,
Собаре хиларна ларбо цо нах.
Мостаг1на хьалха и гора  ца вужу,
Доьналло хадабо Нохчочун мах.

Десачех къамелаш цкъа а ца дойту,
Делла дош даимма лардо цо шен.
Доьзалан декхар а кхочушдеш гойту,
Нахалахь йоккхуьйтуш оьзда  ц1е - Ден.

Вайн Нохчийн Къонаха - ву боху хьоьга!
Шен мехкан Сий-Ларам бан хууш верг,
Къастийна халкъо и,  хьажарна шега,
Вайн къоман г1иллакхаш шен сица дерг!

29. 01. 22ш. - /Джабраилова /- Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CZU0JRZLF2w/?utm_medium=share_sheet