МИЛА ВУ

Раиса Абубакарова
      МИЛА ВУ

Мила ву, хьоьжуш верг, вайн йарташ отуш?
Х1усамаш  шаръйича,  ца  боьлхуш б1аьрг,
Нохчийчохь, тезеташ, х1оран чу х1иттош,
Ямартлон - харцонах эцнарг шен  дарж?!...

Мила ву, сан Даймохк, со йина нана,
Хьан чоьвнаш к1арг йина, тим туьссуш верг?
Дай баьхна мохк бухкуш, йахь-юьхь шен йухкуш,
Мостаг1чун лай хилла,гор текхаш верг?!...

Ца го те, дай боцуш битина доьзал?
Чуваха бен боцуш , бохийна кхерч?
Мила ву, б1аьрг боцуш ган холкъан бала?
Цу керстан кхеле,  ша биллина- мохк?!...

Декъазчун де ц1ера - олура Дайша,
Дависа сан Даймохк - Хьох аьлла-кх и...
Шерачу аренийн, лекхачу лаьмнийн ,
Кхоччуш мах ца хуъчо, х1аллак би-кх хьо!...

  30 . 12 . 99 г /  Джабраилова /- Абубакарова Раиса .
https://www.instagram.com/p/CHqDg3MnX3n/?utm_medium=share_sheet