Шелара делан ц1а

Раиса Абубакарова
ШЕЛАРА ДЕЛАН Ц1А

1уьйренаш декъал йо, Дай баьхна Шела!
Суьйренаш декъал йо, Беркате Шела!
Сий ойуш х1оттийна к1айн жовхар - ДЕЛАН Ц1А!
МУХЬАММАД  ПАЙХАМАР (с.1.в.с) - ЧУ  ВОГ1УРГ ХУЬЛДА ХЬО!!!...

Безачух  т1улг хоржуш, хазачух куз тосуш,
МУХЬАММАД (с.1.в.с)  ц1е йазъйан, кечдина доьг1на хьо!
Ислама  Дин ч1аг1луш, 1амал-ял сов юьйлуш,
Хьайх беркат совдуьйлуш - Дуьненна латта хьо!

Вайн Дела виезарна, Ислам дин хаьржина,
Мухьаммад Пайхамар (с.1.в.с)  тхан дагчу вижина!
Са иэшахь - са дала, дог эшахь - дог дала,
Ислама Дин ц1арах - тхо дала кийча ду!

Хьо варе сатуьйсуш, 1уьйренаш ларъеш ю,
Хьо гаре сатуьйсуш, буьйсанаш денъеш ю,
Дог доьлхуш, б1аьрг боьлхуш, дикане сатуьйсуш,
Жиманиг, воккханиг хьан ц1арца вехаш ву!...

Хьоьх болу тхан безам говзачу пхьераша,
Хьан х1усам къагаеш куц далош гайтина,
Б1аьргара хих тардеш, довхачу ц1ийх тардеш,
Хьо гаре сатийсар - Хьабиби Мухьаммад (с.1.в.с) !!!

Хьан сий деш, ларам беш, шен холкъах воккхавеш!
Тхан къона Паччахь ву, - Йа Элча Мухьаммад (с.1.в.с)!
Зикаран тобанца шукур деш, ч1уг хьийзош,
Хьоьгара шафа1ат - ва цунна  хуьлийла!!!

Де весет кхочуш деш, машаран байракхца,
Нохчийчун Сий-Ларам  Дуьненна  гайтина,
Т1еман чов йерзийна, Мехкан сий айина!
Хьан сий деш кху Шелахь - Хьан  Междиг х1оттийна!!!

  29 . 10 . 2020 ш /  Джабраилова / - Абубакарова Раиса .
https://www.instagram.com/p/CG6pf7nHkEi/?utm_medium=share_sheet