Бусулба йиша - хеда хьаьжа

Раиса Абубакарова
Вайн динехь дог1уш ду, шен йиша йовзийтар,
Хазачух г1иллакхаш - дуьненна довзийтар.
Лаьтта т1ехь мел еха, хьоьх масал оьцуьйтуш,
Ехар ю, хьан хаза г1иллакхаш довзуьйтуш.

Яц и хьан дикалла, цхьан дийно гайтина,
Хьо йина, лелла некъ, беркатах биллина,
Олу дош эсала, буьллу ког экама,
Зударшна масалла, сан йиша Хеда - Хьаьжа!

Доьзалах йоккханиг ден-ненан ю бохуш,
Ц1ийна дукъ т1елаьцна жималла яхна хьан.
Хьалхара нус йолуш, марзошца ларам беш,
Г1иллакхах ца юхуш, къоналла яхна хьан.

Безачийн, бевзачийн марзонаш ч1аг1йарна,
Сийлахьчу Хьажийн Ц1а, Вайн Дала кхайкхина,
Элчанна Ровзатехь яьккхинчу хенаца,
Беркат сов ийци ахь, баьхкинчу йижаршца.

Вайн мехкан дозалла Мохьаммад (с.1.в.с) Делан ц1а,
Жама1ат ламазна йижарий гулбина,
Вайн Дела цхьаъ варца, Мухьаммад (с.1.в.с) бакъварца,
Бусулбан дин тодар Вайн Деле дийхир ахь!

Вайн къоман барт боьхуш, къинхетам бе бохуш,
Мухьаммад Пайхамар (с1.в.с) орцанца вийхир ахь,
Мухьаммад Маьждигехь (с.1.в.с) - Йа Аллах1 доьху хьоь,
Васират цу дорже Мухьаммад (с.1.в.с) кхачавар!!!

Доьхначу цу дийнахь, Махьшаран Майданахь
Сан г1ийла къам лардан Мухьаммад (с.1.в.с)  кхачийта!...
Айинчу куьйгашца, боьлхучу б1аьргашца,
Йижарийн тобанца, Вайн Деле дихир ахь!

Гор эгна хьесталуш, дикане са туьйсуш,
Мухьаммад (с.1.в.с) , Делан Ц1а - чу варе ла дуьйг1уш ,
Шайн дагца къобул деш , диначу до1анна,
Жоп лохьа Йа Аллах1 , ун - бала д1а ойбуш!!!

  27 . 10 . 2020 г /  Джабраилова/ - Абубакарова Раиса .
https://www.instagram.com/p/CG4uyt8HACa/?utm_medium=share_sheet