Нанас винарг вайри шуна

Раиса Абубакарова
НАНАС ВИНАРГ ВАЙРИ ШУНА

Йоьхна 1уьйре йайрий шуна?
Йоьхна суьйре йайрий шуна?
Пана махкахь , йоь1-барз тобеш,
Нанас винарг вайрий шуна?

Цу 1уьйранна - йуххехь йоцуш,
Цу суьйранна - йуххехь йоцуш...
Г1о иэшча, б1аьргашца лоьхуш,
Нанас йинарг уллохь йоцуш...

Го баьккхина чуртан т1улгаш,
Го къевлина йина керташ,
Шен боцучу махкахь йисна,
Медни кош-барз байрий шуна?

Го боцучохь, го табина,
Керт йоцучохь керт нисъйина...
Шийла борзах дай ка хьоькхуш,
Нанас винарг вайрий шуна?

Хьан дог доьхча, хьан дог оьцуш,
Г1о эшначохь каде хьийзаш,
Доьхнач дийнахь уллохь йоцуш,
Нанас йинарг б1аьза хьийза...

1уьйрено дог хьостийла шун,
Суьйрено дог хьостийла шун,
Вай кхиийнчу нанас санна...
Дала шайн дог хьостийла шун!...

  27 . 10 . 2020 г /  Джабраилова /- Абубакарова Раиса .
https://www.instagram.com/p/CG1hl-PndMi/?utm_medium=share_sheet