Вайн сийлахь баьчча

Раиса Абубакарова
Вайн  Сийлахь Баьчча

Чов хилла, во дайна, дерина латта...
Къиза т1ом лаьттина, шарбина мохк!...
Мостаг1чун дог дожош, мохк къагош, г1атто!...
Ницкъ кхечи - машарна, кховда дан куьг!...

Шо-шаре далале, доьхна дог дело,
Маьршачу махка вайн, г1ийла къам дерзо.
Де весет кхочуш дан, 1енна-ч  Ц1ийн Сий Дан,
Ницкъ кхечи дуьненчохь,- Нохчийн  Ц1е - кхайкхо! !!!...

Нохчийчуьн  сий-ларам, стогалла гайта...
Собаре къам хилар - дуьненна дийца,
Жималло некъ боккхуш - Сийлахьа Баьчча!..
Ницкъ кхечи - дуьненчохь Сий-Пусур дайта!...

Нохчийн барт ч1аг1барца, юкъар ч1ир йерзош,
Барт, марзо, иман, вайн - махка ц1а дерзо,
Ирс, аьтту дебийна - вайн дахар къагош...
Ницкъ кхечи - Сирла Некъ Бакъонца Ч1аг1 бан !!!

  05 . 10 . 2020 ш / Джабраилова /- Абубакарова Раиса .
https://www.instagram.com/p/CGF0WlPHfRA/?utm_medium=share_sheet