Дуьненан хийцам!

Раиса Абубакарова
ДУЬНЕНАН ХИЙЦАМ!

Стиглий, латтий  т1ек1ел кхийти,
Дерриг дуьне доьхна хийти,
Бусулба нах холчу х1итти,
Хьаьжийн Ц1ийне  некъаш хийди!

Маьлхан дуьне - бала хийти,
Вахар-вар а хиерадели,
Даьржина ун - кхиел йу эли,
Бусулба къам кхерадели.

Д1а-схьа ваха некъаш къовлуш,
Хилларг хатта аьтту боцуш,
Деле кхойкхуш, Хьаьж Ц1а доьхуш,
Вай 1адийра  орца дохуш.

Къиношна вай дохко девли,
Ламаз-мархий хьалхадаьккхи,
Вайн Хьажийн Ц1а маьрша дели,
Хаам беш, кхаъ вайга кхечи.

Дуьне юха серла дели,
Даха-дахка аьтту бели,
Умрате нах арабевли,
Сан юьртахо - новкъавели.

Элчан (с.1.в.с.) суннат кхочуш хили,
1абдул-Къедир Макка кхечи,
Бусулба дин ч1аг1дар дийхи,
Ун-балеха даха бехи.

1уьйре, хьо маьрша йог1ийла,
Суьйре, беркатах йузийла,
Некъан хало - йал лорийла,
Умрат къобул хьан хуьлийла.

Дина до1а къобал хийла,
1амал Дала т1еоьцийла,
Дуьне марша даьлла аьлла,
Кхаъ бохьуш хьо ц1а воьрзийла.

14. 02. 22ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CZ73gMPqMwU/?utm_medium=share_sheet