Магомадов 1усмани ларам беш!

Раиса Абубакарова
МАГОМАДОВ 1УСМАНИ ЛАРАМ БЕШ.

Чолхе йу Даймахка йеана хан,
Кхерам бу Нохчийн мотт йуккъера бан,
Экаме ларбинарг, - сий дожадан,
Ца хаьа, кхи вайна х1у дисна ган.

Сагатлуш, ойлайеш хьийзачохь со,
Т1екхуьу керла ч1ор довзар нисло,
Цу йуккъахь сатедеш, 1усман, хьо го,
 "Сийлаллин ц1ийнан"-ву хьо белхало.

Сурт х1оттош ахь бо болх мух-муха бац,
Б1аьргах хи ца долуш цхьа вуьсуш вац,
Тоьшалла дан йиш йу, дац иза харц,
Хиндолчух сагатдан го,- оьшуш дац!

Ахь бечу белхан бу, лаккхара мах,
Цу белхан мах хадош бу дуккха нах,
Сцени т1ехь х1отто сурт цкъа мукъне гахь,
Милла а кхетар ву- даггара бах!

Декъала хуьлийла бусулба к1ант,
Беркате хуьлийла хьан доржи г1ант,
Вайн Къоман Мотт ч1аг1бан хуьлийла барт,
Ненан Мотт чуберзош х1оттийна г1ап!

Буьйцуш а шарбеш а Нохчийн мотт бу,
Буьйцучу кегийрхойн дозалла ду,
Иллешца мотт марзбеш, гойтуш хьо ву,
Масалла хьох оьцуш къона ч1ор ду.

Хьо винчу Ненан ас сий, ларам бо,
Махкана дика к1ант кхиийна цо,
Шу мел ду, вайн кхане ирс долуш го,
Ирсечу кханено вай декъал до!

04. 03. 22ш. / Джабраибова/ - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CaslUZPLxlo/?utm_medium=share_sheet