Кхайкхам!

Раиса Абубакарова
КХАЙКХАМ !

Сан кхайкхам бу шуьга, бусулбан нах,
Шу кхоьруш ма лела, базбича мах,
Шина т1амах довлуш а, халонехь 1арх,
Мацалла ца гина, вон-дика гарх.

Дела ву, х1оранна, рицкъ латтош вайн,
Ма кхера йисарна йаьссачехь гай,
Шух боьлуш , кхаьрдаш бу зуламан дай,
Х1арам д1адоьрзур дай, сатоха х1ай!

Мел луьра т1ом хиларх, вай-м 1ийна дай,
Мостаг1чун къар ца луш, дузадеш бай,
Цу хенахь собарах ца доьхна вай,
Собарде, сих ма ло, х1ай Делан лай!

Ма мотта, х1ара а д1адоьрзур дац,
Ма мотта, лелош дерг - Дела гуш вац,
Ийманах доьхчи вайн, деха юьхь йац,
Дехнариг  луш верг вай Дела бен вац!

Т1ейог1уш б1аьсте йу, самдовла х1ай!
Д1айийнарг йер ма ю, бошмашкахь вайн,
Махках а даьхна вай, ца луш цхьа шай,
Х1етте ца лелла вай амалца - лайн!

Хастам бе, ма кхера,  махкахь ду Дайн.
Комаьрша саг1ийна куьг хилла вайн,
Элчан бутт( с.1.в.с.) Ша1бан бутт т1еэца х1ай,
1амал шайн совйаккха, х1ай Делан лай!

05. 03. 22ш. /Джабраилова/ -Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/Cas2T0qKjDM/?utm_medium=share_sheet